Дуьххьара вай дойзуш ахь эли мерза дешнаш,
Хьоьх тешна т1е ийци ахь кхийдо мерза безам,
Масийта шо дели хьо везар дагчохь ч1аг1луш,
Хьоьх йалахь сай дахар ирс дайна доьхна хеташ.
Муьлхачу некъа со яьлла д1а йодарх,
Хьо виц ван г1ертарх виц лур вац суна,
Ца оьшу хьо воцург кхечуьнца дахар,
Сан дагчу вижна хьо ваккахалур воцуш.
Хьо дагахь доцуриг дахаро гойту,
Тахана яхана со лела йоьлхуш,
Ахь сайга дийцинчух даима тешна,
Ларбо ас вай безам кхи юхар йоцуш.
Хьо декъал ван лууш ас дешнаш лоьху,
Муьлханиш ала те хьан дог деладан,
Ирс долуш вехийла массо а ханна,
Безачера г1о ца гуш ирсо дог хьоьстуш.