Суна хьо езнера, хьомениг сил дукха
Дагара дуьцура хьоьх тешаш ас хьоьга
Хьо цагуш хан елча, са карзах дуьйлура
Ц1ехьанна хьо йайчи дог т1ема дуьйлура
Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна
Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена
Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира
Боьхначу безамо даг чохь лар йитира
Веза хьо сил дукха, ахь соьга бехира
Йог1ур ю елла дош ах суна делира
Вай безам лач1къина, делла дош ца лардеш
Хьо гена елира хилла ахь со ле веш
Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна
Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена
Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира
Боьхначу безамо даг чохь лар йитира
Генарчу ци махкахь, хьуна кхи везар ву
Ахь бина тешна-бехк замано гойтар бу
Вахар т1ехь сай харжохь, соь тахна даллур дац
Боьхначу базамо йина чов ерзалур яц
Бохира ахь безам, чов лар еш са дагна
Кхи юха йог1ур яц д1аяха хьо гена
Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира
Боьхначу безамо даг чохь лар йитира
Вайшинна хаза хан ойланца йиц йира
Боьхначу безамо даг чохь лар йитира